День чеченского языка

28.04.2018

Гуьмсан урхаллин к1оштан Илсхан-Юьртара Кадырова Аймани ц1арах йолчу ишколехь 28 апрелехь д1адаьхьира нохчийн метан денна лерина цхьаьнакхетар, дакъалецира массо классаша а, иштта церан наноша а. Хьошалг1а кхайкхина бара: Гуьмсан к1оштан урхаллин 1илманан куьйгалхочун г1оьнча Эскиев Бувайсар, Наур к1оштан 1илманан урхаллин куьйгалхо Дадагов Тамерлан. Баьхкинчу хьешашна даггара баркалла олу.